Тбилисерчу гуьржийн праламентна го бина акцин декъашхой шинарин Iуьйранна дIасалаьхкина Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн спецназо. Миллиардеран Иванишвили Бидзинан "Грузинская мечта" партин декъашхошна кхеташоне гулбала новкъарло ян гIоьртинера митингхой, гIишло дIа а къевлина. Маршо Радион корреспонденто бина и хаам.
Парламент чу воьду некъ маьрша баккха Iалашонца хиш диттина полисхоша. Оппозицино дIахьедина, шаьш протест юкъахйоккхур яц, ткъа Iедалхошна хIоразза а шайна дуьхьал ницкъ баккха дезар ду, парламенте гуллучу заманчохь аьлла.
Протестхой дIасалоьхкучу юкъанна полицино дIалаьцна масех оппозицин партийн лидер, шайлахь президент лаьттинчу Саакашвили Михаилан агIончаш а болуш.
Тахана харжамашка кандидаташ къастор масийтта кепехь ду Гуьржийчохь: партийн лаамца чулушболу а, шаьш-шайгара язлуш болу а нах цхьана харжамашка бовлуш. Ткъа оппозицино и кеп хийца а хийцина, хIора партера, церан дукхалле хьаьжжина билгалдаха деза, боху, кандидатийн могIарш.
Кху беттан 14-чохь парламентан доккхачу декъо партийн тептаршкахула харжамаш дIабахьарх низамехь хийцамаш барна дуьхьал кхаьжнаш тесна. 18-чу дийнахь Гуьржийчоьнан парламентан аьтто ца хилла болх дIабахьа: протестхоша парламент чу воьду массо а неIарш къевлинера. Хиш а детташ, бIаьргаш Iовжон газ а хецна, полицино лаьхкинера гулбелларш.
Оршотдийнахь "Грузинская мечта" партин инарла секретаро, Тбилисин мэро Каладзе Кахас дIахьедина, 2020-чу шарахь парламентан харжамаш хIинца лелаш йолчу ийначу харжаман системехь дIахьур бу аьлла.