Итон-Кхелахь бердах яхначу машенахь лазийна ши стаг

Де хьалха Итон-Кхеларчу Гухой эвлахь некъан хьовзам хилла. "Чечня Сегодня" агенталлан хаамашца, ВАЗ-2107 автомобил 200-250 метар кIоргачу бердах яхна машенан урхалла дийриг чохь а волуш.

"Машен лелориг а, цуьнца цхьана хилла накъост а чолхечу хьолехь дарбан цIийне кхачийна", - аьлла бу республикан полисхойн урхаллан хам.