Информацин тIамна дуьхьало латтае аьлла Кадыровс журналисташка

"Грозный" телевизионан директор Дудаев Ахьмад а, Кадыров Рамзан а

Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан директорца Дудаев Ахьмадца хиллачу цхьанакхетарехь нохчийн куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхамбина меттигерчу журналисташка, Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а мостагIаша долийначу информацин тIелатаршна жигара дуьхьало латтае аьлла.

"Вайн хьалхарчу президенто Кадыров Ахьмад-Хьаьжас тидаме эцнера КъорIан а, сунна а, шариIат а, тIарикъат а, ламасташ а, конституци а, къоман цхьаалла а. Оцу некъах ца довлуш доьлху вай, цхьаннан а аьтто бер бац вай оцу некъах тило", - аьлла Кадыровс.

Дудаевс дийцина мехкан куьйгалхочуьнга, цуьнан тIедилларца, карарчу шеран Охан-баттахь дуьйна хаамийн гIирсашкахь бинчу хийцамех лаьцна.

"Зорбанашкахь хийцамаш бечу хенахь къаьстина терго тIеяхийтина телехьожийлийн а, зорбанан гIирсийн а, хаамийн агенталлийн интернетерчу белхана", - аьлла, билгалдаьккхина Дудаевс.