Берлинехь Хангошвили верна Оьрсийчоьнна санкцеш кхайкхо мега немцойн Iедалша

Гуьржийчоь, Тбилиси -- Германин векалаллана хьалха Хангошвили Зелимхин сурташ лаьцна лаьтташ бу цуьнан беза-бевзарш

Германин Iедало санкцеш кхайкхо мегаш ю Оьрсийчоьнна дуьхьал, нагахь тоьшаллаш гучудовлахь Берлинехь Хангошвили Зелимха верехь оьрсийн лар хилар хьокъехь. Цунах лаьцна яздо Iамеркан The Wall Street Journal газето.

Газето дийцарехь, Германин прокуратурана хета и зулам дарна шеко йолуш лаьцна стаг Оьрсийчоьнан Iедалшца воьзна ву аьлла. Цуьнан гIуллакх тахана-кхана дIадала мегаш ду кхерамазаллин хаттарш лелочу немцойн федералан прокуратуре.

Нагахь Хангошвилина тIелатардинарг Оьрсийчоьнан Iедалшца воьзна хилар гучудалахь, Германин дезар ду и зулам дарна дуьхьал санкцешца жоп дала. Ткъа цо кхерам тосу цу шинан пачхьалкхан энергетикица йоьзначу юкъаметтигашна.

Нохчийчуьрчу тIамехь дакъалаьцна Гуьржийчоьнан махкахо Хангошвили Зелима герз тоьхна вийра кхушара Марсхьокху-беттан 23-хь Берлинехь.

И зулам дарна лаьцна ву 49 шо долу "Соколов Вадим Андревич". Bellingcat тобано The Insider а, Der Spiegel а газеташца цхьаьна бинчу талламо гайтарехь, и стаг дозанах чекхваьлла ФСБ-н гIоьнца.