Нах хьоьшу некъо

ГIалгIайн масийтта юрт йоьлху Iедало некъан компанина магочух. Несар-Коьртехула, Дошлакх-Юьртахула, Яндарехула, Буро-КIалехула, ГIази-Коахула чекхболу М-29 некъ шорбархьама йохош ю нехан керташ.

Шайн ков-керташ, бошмаш некъа буха яхийта ца лууш, аьрзнаш до бахархоша. ДIахьошу некъо йистошца лаьтта кафеш а, машенаш юьлу меттигаш а – напха даккха таро йоцуш буьту бахархой.

Я бахамаш а, я тIедогIуш рицкъ а доцуш

Гуламашкахь бу резабоцу бахархой. Некъ я ярташна юьстахбаккха беза, я, къастийначу сизца дIахьош белахь, нахера, церан лаамца, мехах схьаэца деза латтанаш – иштта боху низамо.

"Кавказ.Реалиица" къамелаш динчу бахархоша дийцарехь, 7 шо ду некъ буьллур бу боху, амма ца хаьттина Iедало нахе цкъа а, духку цара латта, я кхечу меттехь цIенош дан лаьа.

Ши бутт бу некъ шорбан болийна, оццул хан ю нах протесташка буьйлу а. Резабоцчу наханна тIеэха буьйлабелла хIинца мехкан куьйгалхой а, ГIалгIайчуьра омбудсмен а.

Хьаькамаш къера бу – некъ билла болош низам талхийна, амма …хIинца дан хIума дац, боху цара. Прокуратуро делла жоп а ду беламе: белхан гIирс нехан керта ца баьллехь, ала дац «низам талхийна».

ГIаране бевллачу нахаца къамел дина мехкан вице-премьера Латыров Исрапила. Нахера церан некъа кIел доьлху латтанаш эца долор бу Iедало, аьлла цо, амма хууш дац, маца иза маца хир ду.

Некъе шайн бахамаш ца хьашийта арабевллачийн хьалханча ву Тангиев Мохьмад. Цо дийцарехь, дуккха а хан ю жигархоша сагатдо, амма бац цаьрга хьаькамаша дуьйцучо бохьуш пайда.

КIира хьалха девне делира хьал. Вовшахлиэта хIиттира бошмийн дай а, техника ара а яьккхина, Федералан некъийн урхалло лаьцначу «Неон» фирмин белхалойн а.

"Еа асанах лаьтташ хир бу некъ, шина а агIор нехан кертех дIагIоьрта иза. Некъан йистошца цIенош лаьтта нах буьсу чу-ара бовла меттиг а йоцуш, ца буьту меттиг цIеношна улле лоьрийн машен я цIеяьлча кхочу гIо дIахIотта аса», - леткъа Тангиев.

«Иза тхоьгара бакъо йоккхуш болийна болх бу. Некъайистошца туьканаш, офисаш, техникан станцеш лаьтта – уьш а ю дIахьокхуш. ДIабоьлхучу некъан белхаша дегадо тхан цIенош, цхьаболучийн пенаш а этIна. Тхо дац некъ билларна дуьхьал, иза низам а лардеш, тхоьца ларам а болуш билличхьана», - боху жигархочо.

Оцу юкъанна…

Пятигорскехь, «Кавказ» цIе йолчу некъийн урхаллехь дийцаредина М-29 некъах дерг. Цигахь юха а аьлла: бакъо ю бахархойн компенсаци еха а, шайн цIенош Iалашхуьллучу кепара некъ дIабахьаре сатийса а, лаахь, Iедало шайна луш болу лаьттан мах дIабеха а. Амма ца хаьа хьал дийцаредечарна, хIун дан деза оцу некъо юрт дIахьокхучу метте шаьш кхаьчча.

Юха а аьлла урхаллехь, ахча лур ду некъо бошмех бохучарна. Амма лур яц компенсаци нахана «некъо йинчу халонашна» а, «хила а тарлуш, цахиллачу пайданна» а дуьхьал. Оцу хьоло йохайо гражданан кодексан 281-гIа бакъо, боху ярташкарчу жигархоша.

Некъан хьокъехь гIалгIаша кхехьийтина кехаташ

Массех ву таханенна Iедало бошмех ахча лур долуш, кара кехат схьаэцна. Реза бац уьш хIоттийначу мехашна – лучу ахчанах шайга метта ца хIоттало хуьлу зен, боху цара. Iедало мах ло ша нахера дIахедочу бошмийн дакъойх, амма бухаюьсучу дакъойн кийсакаш тIехь шайна Iан маьIна дац, керташ ца юьсу чохь дIасахьовззал а, леткъа нах.

ГIалгIайн омбудсмено жоп а делла ярташкарчу протестхошна. Мехкан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас а, некъийн хьаькамо Лечхаджиев Руслана а кхеташо дIаяьхьина шорбечу некъан хьокъехь. Жоьп иштта ду: 455 объект ю некъо хьаеш, царех 332 ду бахархойн лаьттанаш, 123 ю Iедалан гIишло, царех дукхахъерш дакъошца бен ца йоьду некъа кIел, ткъа оцу кийсакех догIу ахча дIалур ду долахошна.

Шайгара шайн бошмийн кийсакаш бен оьцуш а йоцуш, шаьш хIусамех, ков-кертех даха доллу Iедал, шаьш цунна реза дац, бохучунна тIехь лаьтта ярташкара нах. Кхеле а бевлла уьш, амма дац цигара жоп, аьрзнаш чуделла кIиранаш девллехь а.