Гайтукаева Бана. "Со кхоьруш лелашехь..."

Your browser doesn’t support HTML5

Гайтукаева Бана. "Со кхоьруш лелашехь..."


Гайтукаева Бана

"Со кхоьруш лелашехь..."

Со кхоьруш лелашехь
хьан бIаьра хьажа,
Сан ирс,
хьо лачкъий-кха кхечо,
Вайн некъах биси-кха
беккъа цхьа лазам,
Со лоьхуш лелашехь гечо.
ДIаяхна сан сийна бIаьсте,
Ас мичхьа лаха хьо, мичхьа?
ХIумма а нислур дуй
со кхайкхарх хьоьга,
Сан дагна хьехна Iуьйре?
Хьан бIаьра а хаьжна,
даре дан кхоьруш,
Ас сайха къехкийна суьйре?
Ма чIогIа гIелъелла
хIоьтти хьо
Тахна сан уьйтIа,
Хьайн къоьжа месаш а охкийна,
Стиглано схьагулъеш
ойланаш сийначу куча,
ГIайгIане
бIаьргаш а кхохкийна,
Гуьйрено дагах пIелг бетта,
Схьахазош гIаргIулийн илли…
Ма чIогIа гIелъелла хIоьтти
Хьо тахна сан уьйтIа,
Хьан къоьжа месаш охкийна,
Стиглано схьагулйи
ойланаш мокхачу куча,
ГIайгIане бIаьргаш кхохкийна.
Ма чIогIа гIелъелла хIоьтти-кх
Хьо тахна сан уьйтIа,
ХIумма а нислур дуй…

Ма чIогIа гIелъелла
хIоьтти-кх хьо
Тахна сан уьйтIа.
Хьайн къоьжа месаш а охкийна,
Стигла а ма чIогIа
цецъялла хетта.
И хьоьжу бIаьргаш кхохкийна,
Ма чIогIа гIелъелла хIоьтти
хьо тахна сан уьйтIа,
Сан дагна ирс хьехна Iуьйре,
ХIумма а нислур дуй
со кхайкхарх хьоьга,
Хьан бIаьра а хьаьжна,
даре дан кхоьруш,
Ас сайха къехкийна суьйре,
Ма чIогIа гIелъелла хIоьтти
хьо тахна сан уьйтIа.