ФСБ-н экс-директора Степашина Оьрсийчоьнна зене ду боху Нохчийчохь оьрсий кIезиг хилар

Оьрсийчоьнан премьер-министр а, ФСБ-н директор а лаьттинчу Степашин Сергейс дIахьедина, Нохчийчуьра оьрсий а, кхечу къоман нах а дIабахар Оьрсийчоьнна боккха эшам бу, аьлла.

Иза цо бохура «Оьрсийчоьнан юкъаралла муха хийцина Нохчийчуьрчу тIамо» цIе а йолуш, Екатеринбургерчу Ельцин-центрехь хIоттийначу конференцехь.

"Суна дагадогIу тхаьш Нохчийчохь вовшахкхетта [республикан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца], цо нийса элира хIетахь: «Тхуна уггаре йоккха проблема ю Нохчийчохь оьрсий бисина а бацар. Тхо кхета цунах» - дагалецира Степашина.

Цунна хетарехь, оьрсийн хIусамаш дIалоьцуш хьийзина нохчийн талорхой церан махка хьалхара тIом беъча, цу тIе эскарша бомбанаш етташ йохийна оьрсий бехаш хилла Соьлж-ГIалин центр.

Амма Степашина билгал ца даьккхира, хьенан эскарша йохийра Нохчийчоьнан шахьар. «Ирчачу тIамо дегнаш дагийна адамийн шина а агIор. Шена кхраме доцучохь веха милла а. Хьелаш хIитто деза нах цига баха дIаэхийта. Доьлху вай Кисловодске, Пятигорске, Ессентуки. …Ницкъаша нах цхьаммо а дехьакхалхор бац, хьелаш кхолла деза царна цига дIабаха лаийта», - бохура Степашина.

Делахь а цхьана Кавказехь хилла ца Iа ша юьйцу проблема, элира Степашина, ю иза Оьрсийчоьнан малхбалерчу мехкашкахь а.

«Трутнев [Юрий, вице-премьер] ву гектараш йоькъуш – амма со кхоьру и гектараш, харц паспорташ а кечдина, китайхоша шайна ерзорах», - аьлла, бовзийтира шен дегалазам Степашина.