Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто санкцеш яьхна Соьлжа-ГIаларчу полицин коьртерчу Ирасханов Асланна дуьхьал, «кхел а йоцуш 27 стаг верна». Иштта боху департаментан сайто.
Кадыров Ахьмадан цIарх долчу хадаран-постийн декъах (ППС) цо куьйгалла дечу муьрехь байина нах, билгалдоккху Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто.
"Тхо саготта ду Нохчийчохь адамийн бакъонаш эшош а, наханна тIехь къизалла яллош а, йина кхел а йоцуш, низамца ца догIучу кепехь адамаш лоьцуш, лечкъош, хIаллакдеш хиларна. Оьрсийчоьнан Iедало ца йоху оцу зуламашна дуьхьал ша яха еза гIулчаш, ца доьхку даржашкахь болчу наханна и зуламаш дан некъ. Оцу хьоло куьйгаш досту халкъ хьийзош лелачийн», - боху документо.
Ах шо ду Ирасханов Аслан Соьлжа-ГIалин полицин урхаллехь буьйранча волу. Цо «Кадыров Ахьмадан полках» жоп лучу хенахь, оцу декъо шен гIишлош чохь 2017-чу шеран юьххьехь вийна ша лаьцна хилла 27 мехкан вахархо, аьлла бара «Новая газето» бина таллам.
Нохчийчуьрчу куьйгалхоша даре ца дина оцу зуламах.