Шен офисе ФСБ яр бакъ ца до Гуцериев Михаила

Гуцериев Михаил

Гуцериев Михаилан офисех хьовсуш бу аьлла, баржийна хаам бакъ ца бина иза долахо волчу "Сафмар" группан пресс-гIуллакхоша. Хьалхо Baza Телеграм-канало яздира, ФСБ-н а, талламан комитетан а белхахоша бизнесхочун Гуцериев Михаилан офисехь талламаш беш бу аьлла.

"Хаам бинчу хьосташа бахарехь, къайлахчу сервисийн белхахой баьхкина хиллера Новослободскан урамерчу бизнес-центрах хьовса шайн карахь бакъо а йолуш. Цигахь ю "Форте Инвест" компани. Гуцериев Михаилан фирма ю иза, цуьнан кIанта СаьIида куьйгалла ден", - хаамбо Телеграм-канало.

"Сафмаро" бакъ дац аьлла "Новости" агенталле. "Незыгарь" Telegram-каналан информацица, Гуцериев кхечу пачхьалкхехь ву. Шен офисе Iедал дарах яржийна информаци "фейк а, провокаци а ю" аьлла Гуцериевс.

ГIалгIайчуьра ГуцериевгIар Оьрсийчохь уггаре бехаш доьзал бу, и хьалхе цо шегахь латтайо кху тIаьххьарчу деа шера чохь, яздира "Регион онлайн" портало.