Оьрсийн дипломаташ махках баьхча юкъаметтигаш денъелла аьлла хета Меркелна

Гуьржийчоьнан вахархо Хангошвили Зеламха вер бахьана долуш Оьрсийчоьнан дипломаташ Германис бохийча, шина пачхьалкхан юкъаметтигаш оцу тIехула мел а денъелла аьлла Германин канцлеро Меркель Ангелас, яздо "Интерфаксо".

"Дуккха а контакташ го тхуна хIинца", - аьлла Меркела кхааридийнахь бундестагехь хеттаршна жоьпаш лучу хенахь.

"Ший а дипломат пачхьалкхера араваккха дийзира, хIунда аьлча, оьрсийн урхаллаш кийча яцара цхьана а агIор накъосталла дан", - аьллачу канцлеран дешнаш далийна агенталло.

Марсхьокху-беттан 23-чохь Берлинехь вийра, Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь гIаттамхошлахь дуьхьало латтийна Гуьржийчоьнан вахархо Хангошвили Зеламха. Германин Iедалхойн шеконаш ю Оьрсийчуьрчу вахархочух. Шаьш оцу тIехула Германера оьрсийн ши дипломат пачхьалкхера араваккхарх хаамбира Iедалхоша. Bild хьостан информацица, цу шиннах цхьаъ ГРУ-н белхахо хилла.