Нохчийчуьрчу шина вахархочуьнгара наркотикаш яьхна

"Наблюдение" аьлла, йолийначу операцин гурашкахь Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахоша Пригородное кIотарара вахархо лаьцна Ленинск кIоштахь. Цуьнан дегIах таллам бинчул тIаьхьа 140-150 грамм кIомалх тера хIума чохь йолу жима тIоьрмиг баьккхина цуьнгара.

Оццу юкъанна ТIехьа-Мартанарчу полисхоша СемаIашкахь лаьцначу Теркйистерчу вахархочуьнгара 60 грамм хиллал марихуана яьккхина.

Цаьргара схьаяьхна пакеташ экспертизе яхьийтина.