ФСБ-н белхахошна тIелатар "хьеравалар гучудалар" дара аьлла Кремлехь

Оьрсийчоьнан президентан зорбан секретарь Песков Дмитрий

Оьрсийчоьнан президентан зорбан секретаро Песков Дмитрийс аьлла, дIадаханчу кIиранах Москвахь Лубянка майданахь хилла федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) белхахошна герз деттар "хьеравалар гучудалар" а, "бохаме хилам" а бара аьлла. Цо дийцарехь, Кремлера комментари ян оьшуш хилам бац иза.

Песковс тIечIагIдина и инцидент хуьлуш Путин ФСБ-н директорца Бортников Александарца цхьаьна пачхьалкхан кхерамазаллин органийн денна леринчу концертехь вара хилар. Цо дийцарехь, президент а, ФСБ-н директор а, "цхьана декъехь" концерте а хьаьжна, дIавахара иза юкъахяьлча.

Москвахь Лубянкерчу ФСБ-н гIишлонна уллехь герз диттира кхубеттан 19-хь суьйранна. ФСБ-н цхьа белхахо вийна, кхин а 4 чевнаш хилла вара. Царах цхьа тIаьхьо велла дарбанан цIийнехь. Чов хиллера маьрша вахархочунна а. ТIелатар динарг вийна. Талламан комитето толлуш ду хилларг.