"Вен эшахь, вуьйр а ву. Шен меттан доладан деза"

Автор Романова Софья, "Кавказ.Реалиин" корреспондент

Дахначу оршотдийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан пресс-конференци хилира Соьлжа-гIалхаь. 5 сахьте а, 25 миноте а яхъелла конференци рекорде яьллера. "Грозный" пачхьалкхан телевизионан зерашца, регионан куьйгалхочуьнга дерриг а кхаьчнарг 9589 хаттар дара. Юьстах ца Iийра "Кавказ.Реалиин" редакци а, нохчийн урхалхочуьнга шайн цIарах хеттарш дIакхачийра цара а. Бакъду, цхьа а хаттар йоьдучу эфирехь дIа ца дийшира.

Бараман юьхь баркаллашца йолийра. Цхьанакхетар дIахьочу "Грозный" каналан директоро, Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIовса Дудаев Ахьмада баркалла элира Кадыровна, "даим а къомаца хиларна а, церан проблемашца бала хиларна а". Йоллу эфирехь цу кепара баркаллаш бахар масийттазза хезира ладоьгIучарна. Могушаллин, дешаран а, транспортан а, синбахамаллин а министраллаша дийнна шарахь шайн балха тIехь хиллачу кхиамех дийцинчул тIаьхьа, журналисташна дош делира.

"Оьрсийчохь уггар а эвсар беха нохчий"

Гергарчу Малхбалехь лерина векал хилахьара бохуш, дехарш диний хьоьга аьлла, хаьттича, Кадыровс дIахьедира, республикан арахьара цхьа а дарж шена оьшуш дац аьлла: "Соьга цхьаммо а дехар дина дац. Дала мукъалахь, дийр а дац".

Оьрсийчуьрчу набахтешкахь бахкочу нохчийн тутмакхех хаьттира "Грозный" телевизионан белхахочо. Уьш латточу хьолах, дин лелорехь дозанаш деттарх журналист- йоI хетта йоьлча, Кадыровс юкъахъяьккхира: "Шаьш курорте дохуьйутуш ду моьттура царна? Цара зуламаш лелийна: нах байина, лечкъийна, къоланаш дина, машенаш идийна. Набахте яй иза-м. Кисловодскера санаторий ма яц иза. Дера хIета ледара хьелаш а хир ма ду".

Динан а, къоман а бух тIехь ницкъбо царна аьлла, тIечIагIдинчул тIаьхьа Кадыровс аьттехьа а тIе ца дитира цу бахьанашца Iазапаш латтадо бохург: "Бакъ дац! Муьлхха а Оьрсийчуьра къам схьаэцча, уггар а эвсара дахар ду нохчийн. Мелхо а ларам бу. Даьсса хабар ду иза. ТIом болабеллачу хенахь леладора, хIинца дукха зама ю оцу бахьанашца харцонаш ца лело".

Хетарехь, Кадыровна дицделлачух тера ду лоьмар 5 йолчу Мордоверчу колонехь кху шеран Заздоккху-баттахь шайна тIехь ницкъбарна а, шаьш сийсаздарна а дуьхьал протест еш нохчийн тутмакхаша гаьш этIийна хиларх. Царех сюжет гайтира Кадыровн "Грозный" телеканало а.

"Америка бехке ю"

Антидопинган низамаш дохийна аьлла, Оьрсийчоь Олимпикан ловзаршна юкъа ца йитарна а, республикан урхалхочунна хетарехь, бехке Америка ю – "пачхьалкхера хьал талхо гIерта Америка ю цунна бехке" боху цо. Дуьненчуьрчу массо а спортхоша вошахкхетта, Американ Цхьанатоьхначу Штатийн политикана а, Европана а дуьхьал дIахьедар дан деза, цо бахарехь.

Нохчийн тIемалойн хьалханча лаьттина Хангошвили Зеламха верца "нохчийн лар" юй-те аьлла хаттар дира Кадыровга. "Иза зуламхо а, террорхо а вара. Иза вийна, кхин а цхьа террорхо хIаллаквина. Вайна дика ма ду иза", - аьлла, дIахьедо Кадыровс.

Даим а санна, Кадыровс дийцира мила ву билггал бехке иза верна. "Цара шаьш вийна иза, шайна пайден волчуьра дIаваьлча. ХIинца Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнна а бехкаш дахка буьйлабелла".

"Шуна хаьа-кх, ямартхочунна ас дйириг"

Кадыровна дуьхьал кIело кечъярх "Новая газетано" Iораяьккхинчу информацех а хаьттира Кадыровга. Цо бакъ ца дира и лела "эладиташ", "стаг дийна а велахь, иза Нохчийчохь вехаш а велахь, тIаккха хаа ду-кх Кадыров Ахьмадан некъана иза дуьхьал воцийла". "Новая газетано" билгалбаьхна нах "догцIена пекъарш" бара элира цо, цхьанна а зене боцуш. Ткъа Вайханов Ислам хьайбанца вуьстира цо: "Оццул тийна-таьIна, зене воцуш ву иза" аьлла.

Электрошокерца зударшна ницкъбина волу, Соьлжа-гIалин мэр лаьттина Кадыров Ислам, мехкан куьйгалхочунна хетарехь, "тIехваьлла" хилла. Амма цо ца дийцира иза волу меттиг а, шегара даьллачух таIзаре хIоттор ву я вац а. Къамел дерзийра цо, мел зуламе бу "аферисташ" дийца а воьлла.

Кадыровна коьрта ду – Ислам ямартваьлла цахилар: "Ма дарра аьлча, цкъа а хилла вац иза ямарт. Ас кхиина ву иза, ала тарло сан. Нагахь санна, цунна цу тайпа хIума коьрте деанахь а (кIелояр -ред.)… Шуна хаьа-кх, тешнабехк бинчунна ас хIун до".

Республикехь шен дан ницкъ ца тоьънарг хIу дийр дара аш алий, гулбеллачарех цхьахволчуьнга хьалагIаттий дийца аьлла, дехар дира Кадыровс. Цхьа а ца хIоьттира, хууш ма- хиллара, цунна жоп дала.

Цул тIаьхьа оццу хаттарца вистхилира Кадыров бакъонашларъярхочуьнга Саратова Хедига.

"Бакъонашларъярхо ю шех ала товш ца хета шена, хIунда аьлча, уггар а коьрта бакъонашларъярхо – Кадыров Рамзан волу дела" аьлла, дийца йолаелира Саратова, шега деллачу хаттарна жоп ца луш.

Цул совнах, ша дозалла до элира цо, "Кадыровн бакъонашларъярхо"ю шех олуш хиларх.

Саратован дешнаш тайра Кадыровна, амма мах ца хадийра цо къоначу Асхабова Маккин кхоллараллин. Кадыровс кхайкхийначу конкурсехь дакъалоцуш, байт язйинера цо Путин Владимирх лаьцна. Цул тIаьхьа парламентан спикерх Даудов Мохьмадах лаьцна а. Конкурсехь толам баьккхира цо. Кадыровс "цомгаш" ю иза, "хьекъалх тилла" а ю, "Дала маршалла дойла цунна" элира.

"Администрацин куьйгалхочуьнга а, юьртан имаме а дехар динера оха, иза сацаяхьара аьлла. Цул тIаьхьа мел а галъелира иза. Цуьнан байташ а, эшарш а цхьанна а оьшуш ма яц. Цуьнан да а, деваша а тIекхайкхинера оха, тIаккха Лордах (Даудов Мохьмад -ред.) лаьцна йиш лакха елира иза", - воьлу Кадыров.

"Нагах вен эшахь, вуьйр а ву"

Хьайна ен критика муха хета хьуна аьлла, деллачу хаттарна жоп луш Кадыровс юха а кхерамаш тийсира ша "сийсазвечу" нахана. "Тхуна дуьхьал тIом бечу стагах кхета со. Цунна гечдан а кийча ву со. Амма, аьшнашвеш, сийсазвеш волчу стагна бекхам бийр бу. Цо сийзазвоккхий, дуьхьал иза а сийсазвийр ву. Вен эшахь, вуьйр а ву. Шен меттан доладан деза. Адаман сий дойу къамелаш дан оьшуш дац", - аьлла, дIахьедира Кадыровс йоьдучу эфирехь.

Схьагарехь, яхъелла пресс-конференци кIордо йоьллера массарна а. Ша Кадыров куьйга корта а лаьцна, хиъна Iара, баганаш гIеттайора гулбеллачара а, ткъа Даудов Мохьмада куьйга эшарехь охьахаийра кхин а хаттар дан хьалагIаьттина журналист-йоI…