ГIалгIайчоь: шеран сингаттаме жамIаш

ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Калиматов Махьмуд-Iела а, Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовс Евкуров Юнус-Бек а, Къилбаседа Кавказан векал Матовников Александр а

Your browser doesn’t support HTML5

ГIалгIайчоь: сингаттаме шеран жамIаш


2019-чу шарахь республикехь хиллачу коьртачу хиламех

ТIаьхьий- хьалхий баларш

Суфийн шейхан Белхороев БатIал-хьаьжин тIаьхьенах волу Белхороев ИбрахIим а вуьйш, доладелира 2019-гIа шо ГIалгIайчохь. 2018-чу шеран ГIуран-беттан 31-чу дийнахь кхочушдира и зулам. Мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллех (МВД) шеконаш кхоллаелира вийначийн векалийн.

ТIаьхьо Белхороев верца лерира гIалгIайн экстремизмна дуьхьало латточу Центран (ЦЭП) куьйгалхочунна Эльджаркиев ИбрахIимна Дечкен-баттахь йина кIело а. ХIетахь дийна висира Эльджаркиев, бакъду, йинчу чевнех хьалха ца велира цхьа полисхо.

Делахь а, лар ца велира Эльджаркиев шена тIаьхьабевллачу нахах. Лахьан-беттан 2-чу дийнахь Москвахь вийра иза. Оьрсийчоьнан коьртачу шахьарахь лоьран болх беш хилла цуьнан важа а цхьана вийра цуьнца. Полисхойн коьрта верси яра- чIирца бина бекхам бу аьлла. Вийначу батIалхьажойн лидеран гергара нах дIалийцира полисхоша талламаш бечу юкъанна.

ГIуран-беттан юьххьехь Талламан комитето дIакхайкхийра, БелхароевгIеран доьзалца юкъарлонаш хилла Полонкоев Хьасан коьртехь лаьтта тоба билгалъяьлла шайна аьлла.

Республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан могIарш а цIандан долийра. Хьарамлонаш лелийна аьлла, шеконашца лецира регионерчу МВД-н штабан куьйгалхо Шадиев Саварбек. Керлачу куьйгалхочунна дуьхьал протесте бевлла аьлла, вовшахъяьккхинчу ДПС-н батальонан эскархой а балхара дIабехира. Кхаьънаш эцна аьлла, кхеле озийра 3 ницкъахо, эххар а даржах ваьккхира МВД-н министр Кава Дмитрий а. Цуьнан метта куьйгалле хIоттийра Муравьев Юрий.

Митинге бийлар

Республикехь совцош яцара протесташ. Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь дозанех бинчу бертана дуьхьал болчу жигархоша митинг хIоттийра Зазадоккху-беттан 26-чохь Магасехь. ШолгIачу дийнахь ницкъахошца вовшахтийсадаларш хиллачул тIаьхьа полисхоша дIасалаьхкира протестхой. Зазадоккху-беттан митингехь хилларш леца болийра йоллу ГIалгIайчохь а, цул арахьа а лоьхуш. Цхьаберш ларийра пачхьалкхера арабовла, бухависина 30-х стаг лаьцна ву тахана а.

Оьрсийчоьнан а, дозанал арахьарчу а маьI-маьIерчу меттигашкахь жигархой митинге буьйлура, лецнарш дIахецар тIе а дожош.

ГIуданаш диттинчу, Магасехь хиллачу митингехь дакъалаьцначу 11 жигархочо латкъамаш бира Европан кхеле (ЕСПЧ), хетарг дIаала а, гуламаш хIитто а шайн бакъо хилар тIечIагIдар доьхуш.

Iа герга кхочуш кхелан кхеташонаш йолийра "гIалгIайн гIуллакхах", хьалхара сацамаш бовзуьйтуш. Бехкаш тIе ца лецначу протестийн лидершна дуьхьал керла бехкаш дехира, экстремистийн гонаш кхуллуш, церан могIаршкахь лаьттина бохуш.

Цхьа паччахь дIавахна, и саннарг кхи тIевеана

Мангал-беттан 24-чу дийнахь гIалгIайн куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека шегара дарж шен лаамехь охьадиллира. Дукха ца Iаш, Москвано цуьнан метта Калиматов Махьмуд-Iела дIахIоттийра, цхьана хенахь ГIалгIайчохь прокуроран болх бина волу.

Ткъа Евкуров Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовсан гIента хаийра.

Ша урхалле веанчу юкъанна керлачу куьйгалхочо дина кIад а дац. Ма-дарра аьлча, Евкуровс дIаяьхьначу политикех къаьсташ дац цуьнан лелар а.

ГIалийн хилла мэраш хийцина цо, дIабаьхна ишта, шел хьалха хиллачо дIахIиттийна дукхахболу министраш а. Шега кхехьийтина политикан тутмакхийн дехарш а - жоп доцуш дитира цо.

Евкуровс а санна, Iедална муьтIахь йоцу муфтият дIакъовла гIоьртира Калиматов а. Дозанех лаьтта хаттар цкъа а ца хьахийра цо.

Аиша а, ИбрахIим а

Йоллу пачхьалкхо бохург санна, массара а терго латтайора 7 шо долчу Ажигова Аишин кхолламна тIехь. Дейишас къизаллица йиттинчу йоIана дарбадора Москварчу тоьллачу клиникехь. Шайн ма-хуьллу гIоьртира лоьраш йоьIан куьг дIа ца доккхуш, дарбадан, амма ницкъ ца тоьира.

Керлачу шарна цIа ялийначу йоIна Магасерчу реабилитацин центрехь кхин дIа лоьралла деш ду.

Ялх шо долчу ГIалгIайчуьрчу кIанта Льянов ИбрахIима дуьненан рекорд хIоттийра, лаьттара хьала пхи эзарза дегI айдина.