Эспер Марк: Америко дохор дац тIеман низамаш

Американ хӀаваан тIеман кеманаш тIехь долу тIеман хIордан кема (aircraft carrier)

Хьалхо президенто Трамп Доналда дIахьедар дина хиллехь а, ГIажарийчоьнан культуран объекташна тохарш а дина, тIеман конфликтийн низамаш дохар дац Американ эскархоша, дIахьедар дина Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министро Эспер Марка, хаам бо "Амеркан аз" зорбан гIирсо.

Your browser doesn’t support HTML5

Эспер Марк: Америко дохор дац тIеман низамаш

Дуьненаюкъарчу низамашца а догIуш, культуран объекташна тIелатар дар тIеман зулам дар лоруш ду. Иза билгалдаьккхина ду Трампан администрацино 2017-чу шарахь къобал йинчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин кхеташоно тIеэцначу резолюцехь а, ткъа иштта ХIаагехь 1954-чу шарахь тIеэцначу культуран мехаллаш ларъярехула йолчу конвенцехь а.

ДIадаханчу пIераскан дийнахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дронца тохар дира гIажаройн инарла Сулеймани Касем а вуьйш. Цо чолхечу яьхна ишта а гIоьртина йолу Вашингтонан а, ТехIранан а юкъаметтигаш. Ткъа цо кхерам тесна шина пачхьалкхана юкъахь тIеман конфликт эккха мегаш хиларна.

Вашингтоно дIахьедар дина, Сулеймани вийна шаьш, Американ махкахошна тIелатар дан а, Цхьаьнатоьхначу Штаташна мехала хетачун новкъарло ян а цуьнан хилла планаш йохор Iалашонца аьлла.

Сулеймани верна бекхам бан кхерамаш туьйсуш ГIажарийчоь а йолуш, Трампа Твиттерехь яздина, Цхьаьнатоьхначу Штаташа ГIажарийчоьнан 52 объект хаьржина тохарш дан Iалашо санна, шайна юкъахь цхьайолу "ГIажарийчоьнна а, цуьнан культурина а" мехала ерш а йолуш аьлла.

"Царна магийна ду, некъаца бомбанаш а йохкаш, вайн адамаш лелхийта, ткъа вайна бакъо луш яц церан культуран мехаллаш хьеян. Иза иштта болх беш дац", - дIахьедар дина Трампа кIирандийнахь, журналисташна хьалха вистхуьлуш.