Нохчийчу оьхучу туристийн дресс-код муха хила еза дийцина Iедалхоша

Туристаша регионехь лело дезачух а, царна тIехь хила дезачу духарх а хоуьйтуш Нохчийчохь кехаташ арахецна туризман министралло. "ГIалийн а, яртийн урамашкахь бусулба динан ламасташца догIу духар доьхна а, кху заманца догIучу хотIца а зударий гойла ду. Делахь а, цхьалха, маьттаза духарца лела мегар дац. Принцип муха ю хьуна аьлча: оьзда мел лела, атта хир ду царна Нохчийчохь", - аьлла, кхетийна туризман министраллан векало туристашна лерина даржийначу документех.

"Шорташца" а, пхьуьйшаш доцчу кучамашца арахь лелар а доьхкуш ду божаршна. Зударийн, божарийн салам-маршалла хаттарехь а терго йина

"Нохчийн зудаберашка куьг луш Iедал дац. Дашца салам-маршалла а лой, дерзйита. Нохчийн зудчух хьакхавалар, цуьнга бегаш бар, эвхьаза вийла гIертар- бехкбоккхург ду", - аьлла ду кехаташкахь яздина.

Ишта туризман министралло билгалдаьккхина, нохчийн зудабераш цигаьрка уьйзуш цахилар а. Нагахь санна, кIур ца баьккхича шаьш мегаш дацахь, цхьанна а ца гучу къайла а довлий, оза боху.

Нагахь санна, туристна гIо-орца оьшуш делахь, хьаьнгга а дехар дан мегар ду, нохчий бала кхочуш, къинхетаме къам ду аьлла, билгалдаьккхина министралло шайн документ тIехь.

.