Ливерчу конфликтана юьстах ца висина Кадыров

Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана комментарий йина Ливи пачхьалкхехь къийсам дIахьочу агIонашна юкъахь кхийсарш яр сацор хьокъехь динчу хьалхататтарна, яздо Кавказ.Реалиино.

"Иттех шо ду, Малхбузерчу пачхьалкхаша питана а тесна, Ливерчу бахархошна юкъахь тIом боьду. Каддафи Муаммар а, цуьнан доьзал а, эзарнаш ливихой а байина. Пачхьалкх а, юкъаралла а екъаелла ю, халкъо къобалдина куьйгалла дац", - яздина Кадыровс шен Телеграм-каналехь.

Ша тешна ву, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а, туркойн лидеро Эрдоган Реджепа а герз деттар сацаде аьлла бинчу кхайкхамна тIера Ливехь дIадолалур хилар машар а, къепе а хIоттар боху цо.