Кеман моторах цIеяьлла Новосибирскерчу аэропортехь

Гайтаман сурт

Социалан машанашкахь видео яьржина Новосибирскерчу аэропортехь цIе летта йогуш мотор йолчу кеманан. Цу тIехь гуш ду лайнерх цIе хьаьрчаш хилар, хаам бо https://ren.tv/ сайто.

Болчу хаамца, Новосибирскера Камране доьдучу кеман моторах цIе летта хилла иза тIемадалале. Некъахой сихха кIелхьарбаьхна кеманчуьра.