Your browser doesn’t support HTML5
Гадаев Мохьмад-Салахь
Ши лаам
Ши лаам кхехка,
Ши лаам кхехка:
Цхьаммо дегIах герзаш доьхку,
Вукхо лаьттан чкъоьрнаш оьхку.
Цаьршиммо а цхьанхьа хоьхку
Шайн и чехка ойланаш.
Ши лаам кхехка,
Ши лаам кхехка:
Цхьаммо мостагIчунна кхуьйсу,
Вукхо Iаламашца къуьйсу.
Цаьршиммо а чабол* туьйсу,
Бохуш баккхий толамаш.
Ши лаам кхехка,
Ши лаам кхехка:
Цхьаммо дуьйцу хилларг дера,
Вукхо хиндерг дуьйцу шера.
Цаьршиммо а хIинцалера
Керла адам ду кхиош.
Ши лаам кхехка,
Ши лаам кхехка:
Бекхамечу дераллица,
Толамечу ондаллица,
Цаьршиммо а майраллица
Керла бахам бу хIоттош…
________
* Чабол - сиха болар