Бовзийтина Оьрсийчоьнан министрийн керлачу кабинетан декъашхой

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира шен омрица тIечIагIйина Мишустин Михаил коьртехь волу министрийн кабинетан керла тоба. Оцу хьокъехь хаам баржийна Кремлан пресс-гIоьнчалло.

Керла 9 министр а, 6 вице-премьер а ву кабинетехь. Шайн меттигаш хийцанза висина Iедалехь кхин а 12 министр.

Мишустинан хьалхара гIовс хIоттийна Белоусов Андрей. Вице-премьераш бу Оверчук Алексей, Хуснуллин Марат, Григоренко Дмитрий, Абрамченко Виктория, Чернышенко Дмитрий. Хьалха дуьйна болхбеш волу кхо вице а ву бухасоцуш: Трутнев Юрий, Борисов Юрий, Голикова Татьяна.

ДIадахначу еарийдийнахь премьер-министр хIоттийра Оьрсийчоьнан ял гулъечу урхаллин куьйгалхочун даржехь волу Мишустин Михаил. Цул хьалхарчу дийнахь балхах мукъаяьккхира Путина Медведев Дмитрийн министрийн кабинет.