Стенна оьшу Кадыровна шен "Госсовет"?

Материалан автор Саламова Елена, "Кавказ.Реалиин" корреспондент

Дукха хан йоццуш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикехь Консультативан кхеташо кхоьллина, цуьнан урхалле ша а хIоттош. Тайп-тайпанчу хенашкахь шен деца Кадыров Ахьмадца болх беш хилла политикан а, юкъараллан а ветеранаш-къаной кхайкхинера цо цу цхьанакхетаре. "Нохчийчоьнна ниIмате, иза кхи дIа кхион а" церан зеделлачух пайдаэца лаам бу Кадыровн. "Регионан социалан-экономикан а, юкъараллан-политикан а агIонаш кхиорехь" керла некъаш а, рекомендацеш а кечъяр тIедуьллур ду ветеранашна.

Цкъачунна билггал хууш дац, кхеташона хьалха хIиттор йолчу Iалашонех, делахь а тобанхоша хIинцале а дакъошкахь декъна шаьш дендерг. Кхузахь хир ю социалан блок а, къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а, ницкъаллийн структурийн а, индустрин-гIишлошъяран а, юьртабахаман а, кегийрхой оьздангаллехь кхиоран а блокаш.

Оьрсийчуьрчу Human Rights Watch организацин директорна Локшина Татьянина хетарехь, кхеташо ша цхьа декоративе гуш ю.

"Цхьана а кепара гоьяьлла, евзаш хир яц иза, гарехь. Ткъа вукху агIор аьлча, нагахь санна Оьрсийчоьнан президенто Конституцехь реформаш ян актерех а, спортсменех а лаьтта тоба вовшахтухуш хилча, Нохчийчоьнан куьйгалхочо хIунда кхуллур яцара республика кхион Iалашонца ветеранийн кхеташо?", - хоьтту Локшинас.

Хьалхо нохчийн цхьахйолчу министраллехь болх бинчу пенсхочо, ветеранийн совете кхайкхина дукхахболу ветеранаш бевзаш волчу вахархочо дийцира "Кавказ.Реалиига", царех массо а вацара юьхьанца дуьйна Кадыров Ахьмадца доттагIаллин уьйрашкахь аьлла.

"Кадыров Ахьмад республикан администрацин куьйгалле хIоттийча шога дуьхьал бара царех цхьаберш. Москва кехат а цхьана яздира цара. ТIаьхьо, кхи дан хIума ца хилла белхаш беш бисира уьш администрацехь а, кIоштийн префектурашкахь а. Кхи дIоггара хьекъална кIоргера хилла боцучу оцу наха шаьш цхьана а агIор гайта а ца гайтира. Бакъду, хьаькамийн гIенташкахь бехха -м Iийра уьш", - аьлла, билгалдаьккхира къамел динчо.

"Бакъ болу профессионалаш" а бара цаьрца: масала, Дениев Хасмохьмад. Завгаевн гIоьнча лаьттина а вара иза, кIорггера зеделларг а долуш, тешаме, оьзда говзанча вара иза. Кхи а масех стаг ву царлахь республикана дукхка а мехала гIуллакхаш дина, иза херцаршлара гIаттош. Уьш ца хиллехь процесс меллаша дIаяхана хир яра, я тоххара дуьйна сецна лаьтташ хир яра".

Кадыровс ветеранаш гулбар - цаьрга ларам хиларца доьзна ду аьлла ца хета къамел динчу вахархочунна, я бац цуьнан тешам, Кадыровна-жимахволчунна ша цхьанна а декхар хета бохучух а.

"Шен цхьа планаш хир ю Кадыровн царех пайдаэцарехь", - аьлла бу цуьнан хьажам.

Оцу юкъанна ала догIу, шайга ларам хила гунахь бу и ветеранаш, хIунда аьлча, луьрачу заманахь махкахь урхаллехь лаьттина бу уьш аьлла, тIетуьхира цхьана заманчохь нохчийн министраллехь болх бинчо.

"Iедалан коьрте гIерташ цхьа а вацара хIетахь, я цхьаъ Iехийна, юкъаозо ахчанаш а дацара. Цундела ларам хила хьакъ болуш нах бу уьш. Церан шайн дахар хилла ца Iаш, церан доьзалийн дахар а, могушалла а, хиндерг а дара кхерамна кIел хIетал", - боху пенсхочо.