Ялх хьелийн ферма юьллур ю ГIалгIайчохь

5400 бежана кхаба ялх хьелийн ферма йилла дагахь ду ГIалгIайчуьра Iедал.

Оцу бахамо кхачо йоллуш шура а, жижиг а латтор ду махкана, боху ГIалгIайчоьнан юьртабахаман министран гIовса Албаков МухIажира ТАСС агенталлехула.

Цо дийцарехь, комплексаша аьтто бийр бу бахархошна лахарчу мехах жижиг, шура, тIо, кIалд латто.