Iедалх лачкъа еана зуда Нохчийчохь лаьцна

Меттигерчу 47 шо долчу зудчунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долош куьйгъяздина Нефтеюганскан прокуроро "Баккхийчу барамашкахь наркотикаш лелийна" аьлла.

Болчу хаамашца, 2005-чу шарахь ворхI грамм гергга героин эцна, цунах ша пайдаоьцуш хилла цо. ТIаьхьо караеанчу полицино дIалаьцнера иза, цуьнгара наркотикаш а йохуш. Оццу шарахь яда аьтто баьлла, Нохчийчохь лечкъина зуда федералан лехамашка еллера. ДIадахначу шарахь аьтто белира иза лаца. Бехк тIечIагIбахь, набахтехь даккха иттех шо кхачадо цунна.