ГIалгIайн лидерийн юкъаралла дIакъовлар тIедиллина прокуратурано

"ГIалгIайн халкъан цхьаалин комитет" дIакъовлар тIедожийна прокуратурано, цара хIора шарахь шаьш бинчу белхах чуяла еза информаци ца кхачийна, шайн леларехь низамаш лардеш а дац аьлла, кхеле хаам а беш. Кху-беттан 16-17-чохь а хаамбира, Барахоев Ахьмадна а, Ужахов Малсагна а, Чемурзиев Барахна а, Нальгиев Исмаилна а, Саутиева Зарифина а, Хаутиев Багаудина а бехкаш дахкарх, экстремизман юкъараллехь дакъалаьцна бу аьлла.

ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхеле иск кховдийна республикан прокуратурано, протестийн жигархой юкъахь болу комитет дIасаяккха аьлла, яздо "Новая газетано" а.