Кадыровх тардина сурт бахьанехь лецнарш. Стенна кхоьру Нохчийчохь мессенджерех?

Саидов Тимур

ДIадаханчу пIераскана 25 стаг лецира Нохчийчохь. Царех цхьамма мехкан куьйгалхочунна, иза килсарчу мозгIарх тарвеш, коллаж йина, вукхара иза яржийна, бохура. ТаIзар авторна дина ца Iаш, дина и сурт интернетехула дIасахьийсийначарна а, схьаэцначарна а.

Суьртан оригинал тIехь ву керста духарахь Оьрсийчоьнан патриарх Кирилл. Коллаж йиначара хийцина цуьнан корта Кадыров Рамзананчух.

Маршо Радионо яздина ма-хиллара, лецнарш бара Шелара (11 стаг – школехь доьшучу берашна тIера 62 шо долчу таксистан биста кхаччалц), Гаьрмачигара 4 (шиъ - школера дешархо, шиъ - 25-30 шераш долу бахархой), луларчу Курчалой-Эвлан кIоштара 10 стаг. Лецарх хIоттийна цхьа а документ а доцуш, етташ, буьйса яккхийтина цаьрга полицехь.

Шоьтадийнахь арахецна, дийцарехь, 5-7 стаг. Хьосташа бахарехь, «кхетош-кхиоран болх а беш», гIуданаш а детташ, дIахецна уьш. Бисинчех дерг хууш дац Маршо Радиона цкъачунна.

Iедало лаьцна стагга а вац, аьлла, хилам бацаребина Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбан, информацин министра Умаров Жамболата. «Аьшпаш» бу аьлла цо прессин хаамах.

«Суьрташца, карикатурашца, кхийолчу шаржашца шайн къам шаьш стенга кхачор ду итт-ткъа питанчина, боьха хIуманна хаийта деза», Умаровна хетарехь.

«И шайтIан сатира бахьанехь эзарнаш, миллионаш хIуманна а бехкебоцурш хьийзабойтучул, царна низамо могуьйттучу кепехь хьекъал далар тоьлу», аьлла цо.

Теркйистерчу Д. Салахьа «Кавказ. Реалиига» дийцарехь, республикехь нах кест-кеста лоьцу. «Цхьаьнхьа цхьаъ лаьцна, вукхунна йиттина, дIораниг мехах мукъаваьккхина – даима хеза Нохчийчохь». Полицино нах лоьцу бахьана долуш а, доцуш а, нисло маларш бахьанехь, нисло наркотикашна тIехула а. Лецначаьрца полицино дина ца Iаш, Iеламчаша а до къамелаш, боху Салахьа.

Дукха хьолехь лецнарш «чекхбоху» Кадыровн пропагандин коьрта мукъ ларалучу «Грозный» телеканалехула. Амма Шелан а, Курчалой-Эвлан а кIошташкахь лецнарш ца гайтина канало.

Коллаж бахьанехь 25 лацар догIу махкахь мел вехарг тергонехь латточу Iазапан политикаца. ХIинца санна долу лецарш дуьйлалушшехь, махкара бахархой сихло социалан машанийн, мессенджерийн чаташкара арабийла, деха буьйлало политика цайийцар, хьаькамийн цIерш цаяхар.

Ала дашна, Кадыровс кхерамаш тийсинчул тIаьхьа алсамъевлла карикатураш ечарна, дIасахьежочарна дуьхьалъяьхна репрессеш. Бутт хьалха дара ша а, шен го а сийсазбийраш хIаллабан беза мехкан куьйгалхочо аьлча.

Кадыровс кхерамаш тийсарх лаьцна арздира Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуре Нижний Новгорд гIаларчу KozaPress интернет-газетан редактора Славина Иринас, амма цунна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин меттигерчу урхалло доцца делла жоп : Кадыров хIуманна а бехке вац.