Ивановерчу набахтехь хан токху нохчо летта тутмакхах

Ивановерчу набахтехь хан токхуш хилла Нохчийчуьра схьаваьлла вахархо колонехь тутмакх вен гIоьртина. ГIуда тухучу ШИЗО олучу изолятор чу ша воьллинчу заманчохьдина цо зулам. Шена тIаьхьара колонин белхахочо неI ца къовларан бахьанашца ка яьлла хилла цуьнан кхечу хан токхучу тутмакхах лата. И шиъ вовшахваккхале аьтто баьлла нохчочун пхоьазза тоьхна, тутмакхна чевнаш ян. ТIаьхьо къастарца, цу шинна юкъахь дов лаьтташ хилла. Стаг верна хан токхуш хилла нохчо. Кхи цхьаъ а "вен Iалашонца тIелатар" аьлла, шолгIа керлачу артиклехь дов луьстур долуш ду цуьнан.

НеI йиллина йитина УФСИН-ан белхахо балхара дIа а ваьккхина, 1,5 шо а хан тоьхна цунна арахь яккха.