Буьйсанна гIовгIа ярна 150 000 сом гIуда тухур ду Оьрсийчохь

Гайтаман сурт

ХIусамашкахь буьйсанна гIовгIа ярна таIзар чIагIдеш низаман проект кечйеш ю Пачхьалкхан Думехь. Цунах лаьцна хаам бо "Известия" газето.

Цу документца а догIуш, адамаш дехачу хIусамашкахь тийналлах лаьцна низам тIеоьцур ду федералан тIегIанехь. ГIовгIа яр доьхкур ду сарахь 11 сахьт даьлчул тIаьхьа Iуьйранна 7 сахьт даллалц.

Низам дохийначунна гIуда тухур ду 150 000 сом барамехь. Цул сов, жоьпаллехь хир ву хIусаман да, гIовгIа йинарг милла хиллехь а.