Гадаев Мохьмад-Салахь. Боданах етта ю буьйса...

Your browser doesn’t support HTML5

Гадаев Мохьмад-Салахь. Боданах етта ю буьйса...



Гадаев Мохьмад-Салахь

* * *

Боданах етта ю буьйса.
Дитташа дайн шабар до.
Стиглара седарчий хьуьйсу.
Ойлано оьций дIахьо.

Стенга хьо – соьга ма хетта.
Беха некъ билгала бу:
Исбаьхьа сирла схьакхетта
Езачун довха нур ду.

Стиглара седарчий хьуьйсу.
Дитташа дайн шабар до.
Даим ас хьоьга сатуьйсу.
Даим хьох хьаьгна ву со.