Your browser doesn’t support HTML5
Гадаев Мохьмад-Салахь
* * *
Кеглуш, стигал елхахьара,
Iаьржа латта лелхахьара,
Вай вовшийн ган ца доьгIнелахь,
Маьлхан дуьне дагахьара.
Малхбалера мехаш хьаькхна,
Малхбузера дарцаш хьаькхна,
Дуьне даьгна, Iаьржа кIоржам
Цара эцна дIахьахьара.