Кхеле хьажийна Буденновскан рейдехь дакъалаьцначу нохчийн тIемалочун гIуллакх

Архивера сурт

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан коьрта урхалла теллина яьлла 1995-чу шарахь, нохчийн тIеман командир Басаев Шемил коьртахь а волуш, тIемалойн тобано Буденновскан рейд еш дакъалаьцначу Нохчийчуьрчу вахархочун дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх.

Иза ву Даудов Аслан, хаам бо stv24.tv телеканалан сайто. Нохчочун бехке дуьллуш ду терроризм а, бандитизм а лелор а, маьрша бахархой байар а.

Цуьнан гIуллакх дIаделла Къилбан гонан тIеман суьде, хаам бина Къилбаседа Кавказан федералан гонан прокуратуро. Карарчу хенахь Даудов латтош ву талламан изоляторехь.