Францехь нохчо вийначу стагана гIо динчу зударшца ша дина къамел зорбане даьккхина блогеро Абдурахмановс

Блогер Абдурахманов Тумсо

Блогеро Абдурахманов Тумсос шен телеграм-каналехь аудио дIахIоттийна ша Звонкова Луизица а, Хамидова Аминица а телефонехула дина къамел тIехь долу, яздо Кавказ.Реалиино. Цо дийцарехь, и шиъ ю нохчо Алиев Iимран вийначу стагана шенгенан виза йоккхуш кехаташца гIодинарг.

Абдурахмановс билгалдаккхарехь, Хамидова улле яьлла лелла Алиев верна бехке хила мега аьлла шеко йолчу нохчочунна. Дечкен-беттан 18-хь Хамидова Москвара цкъа дуьххьара Валенсе, цул тIаьхьа Берлине еана хилла цу стагаца. ШолгIачу дийнахь иза юха яхана. Цул сов, блогеро чIагIдарехь, цу зудчо ахчанца гIо дина а хилла ша Европе валийначу стагана иза Бельгехь волуш.

И хаамаш бакъбина зударша шаьш Тумсоца телефонехула къамел деш. Амма цу шинна ца хета шаьшшиъ бехке ю аьлла, цу стага ша онкологи йолуш Германехь сихха операци яйта езаш ву аьлла хиларна.

Хамидовас аьлла Iедалан векалшна леян лаахь шаьшшиъ кийча ю оьшург кхочуш дан аьлла.

Мансур Старый цIарца вевзаш волу блогер Алиев Iимран вийна карийра Чиллан-беттан 1-чу дийнахь Францин къилбаседехь Iуьллучу Лилль гIаларчу хьешан цIийнехь.