Хамхоев маьрша ву?

"Э" Центран хилла куьйгалхо Хамхоев Тимур

Набахтехь яккха йисина хан арахь белхаш бойтуш йоккхуьйтур ю "Э" Центран хиллачу куьйгалхочуьнга.

ГIалгIайчуьрчу экстремизмна дуьхьало латточу Центран (ЦПЭ) хиллачу куьйгалхочунна Хамхоев Тимурна набахтехь яккха йисина хан хийцина Свердловскерчу Тагилстроевскан кIоштан кхело. Арахь пачхьалкхана белхаш бойтур бу цуьнга кхи дIа. Кхо шо гергга хан яра Хамхоевн набахтехь яккха йисинарг.

"Йисинчу хена чохь, 2 шарахь а, итт баттахь а, 27 дийнахь а, бечу белхан алапа тIера 15 процент Iедало чу а сацош, къахьега дезар ду цуьнан", - аьлла кхелан векало.

Бакъду, Нижнетагилан прокуратура реза ца хилла Хамхоев колонера аравоккхуш бинчу сацамна. Цундела, Тагилстроевскан кIоштан суьдхоша, Хамхоевн таIзар малдеш бинчу сацамна апелляци чуелла.

Къилбаседа Кавказехь массеран а тидам тIе а бахна, уггар а дуьйцучех дара Хамхоев Тимуран а, цуьнан белхахойн а гIуллакх. ЦПЭ-н куьйгаллехь лаьттинчун бехк тIечIагIбар прецеденте лорура.

Лаьцначарна тIехь къизаллаш лелийна аьлла, экстремизмна дуьхьало латточу Центран дуьххьара бехкевина вара лаккхара даржхо.

2016-чу шеран ГIуран-беттан 6-чохь дIалецира Хамхоев Тимур. Талораш лелийна цо аьлла, жоьпе озийра иза юьхьанца. Ши кIира даьллачул тIаьхьа гучуделира, хьаькаман даржехь волчу заманчохь шен бакъонел а иза тIехвийлина меттигаш хилар. Масала, Далиев Мохьмадна а, цуьнан хIусамнанна Маремна а тIехь ницкъбар.

Хамхоевна тIаьххье кхеле хIоттийра цуьнан белхан накъостий а. Кхелехь Далиева Марема дийцинера, ницкъахоша доцург дийций, банкехь къоладар хьайна тIелаца бохуш, ша хьийзорах. Къаьркъа бага а дуьттуш, ток еттийтинера цунна. ЦПЭ-н гIишло чохь хеттарш динчул тIаьхьа веллера цуьнан цIийнда Мохьмад.

Шо даьлча, 2017-чу шеран Дечкен-баттахь, хIинццалц юкъахдаьккхина а латтийна, юха а талла долийра Аушев Мохьмадна а, Муцольгов Зеламхана а тIехь къизаллаш лелийна аьлла, айдина бехкзуламан гIуллакх таллар. Цу шиммо а чIагIдора, къиза Iазапаш лелийна шаьшинна тIехь ЦПЭ-н белхахоша бохуш.

Лурчаха аьхка Нальчикерчу тIеман кхело набахтехь даккха 7 шо кхайкхийра Хамхоевна, 286-чу артиклехь (бакъонел тIехвалар). ТIехь бисира цунна кхи а масех бехк: талораш дар, ахчанаш дахар, вовшахтоьхначу тобанца цхьана лецначарна тIехь ницкъбар, хьаькаман даржехь волчу заманчохь шен бакъонел а тIехвийлар а.

Шена кхело тоьхначу хенал а хьалха аравала дагахь дехар дира цо, ткъа кхело дуьхьало йича, суьдхошна латкъамбира.

"Системано шен нах ларбо"

Ткъа хIинца, нагахь санна, прокуратуран апелляцина кхелахой тIе ца тахь, Хамхоев белхаш бан хьажор ву.

"Нахана тIехь Iазапаш лелийначу полисхошна дина таIзар малдарна, я хенал хьалха уьш маьршабахарна со дуьхьал ву. КIезиг хан ю цара чохь яьккхинарг", - аьлла "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь ДалиевгIеран хиллачу адвокато Сабинин Андрейс.

Ницкъахошна дина таIзар малдеш Iедал ду Оьрсийчохь аьлла, "Iазапна дуьхьалояран комитетан" Къилбаседа Кавказерчу декъан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс.

"Шан бакъонел а тIехбийлинчу полисхойн хьокъехь Оьрсийчоьнан кхелахоша беш болу сацамаш, уьш бехказабохуш хуьлу дукха хьолахь. Арахь яккха хенаш тухий буьту уьш. Тоьхначу хенал а хьалха (УДО) арабаха атта хуьлу уьш. Системано шен нах ларбо", - аьлла бакъонашларъярхочо.

Хамхоевна тоьхначу хенаца хийцамаш бина аьлла, баьржинчу хаамо йоккха гIовгIа эккхийтина ГIалгIайчохь.

"Оцу полисхоша ницкъбина, цара дуьхьалдаьхна гIуллакхашна тIехула хIинца а хенаш токхуш бу дуккхаъ а нах, ткъа хIорш кхел йина а, хан текхна а бовлале арабуьйлуш бу", - аьлла ГIалгIайчуьрчу "Яблоко" партин декъан куьйгалхочо Муцольгов Руслана.

"Iедалхочуьнгара даьллачу зуламна деш долу таIзар мел а шога хила дезаш ду, могIарерчу стагана дечул а. Ткъа кхузахь муха ду, карадеанчу Iедало хьераваьккхинчу хьаькаман куьйгакIел нисло, дукха хьолахь пачхьалкхан бахархой", - аьлла Муцольговс.