Инарла Яхъяев даржера дIаваьккхина Путина

Яхъяев Руслан

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира шен указаца даржера дIаваьккхина виъ инарла. Цу хьокъехь бакъонан хаамийн официалан интернет-порталехь зорбане даьккхинчу документца а догIуш, царна юкъахь ву Оьрсийчоьнан орцанан министраллан Нохчийчуьрчу коьртачу урхаллан куьйгалхо Яхъяев Руслан.

Оцу дарже иза хIоттийнера 2009-чу шарахь.

2017-чу шарахь Яхьяевна деллера чоьхьарчу гIуллакхийн инарла-лейтенантан чин.