Шемахь кIелхьардаьккхина нохчийн ши бер дIакхачийна Нохчийчу

Шемара Москва далийна хилла ши бер дIакхачийна Соьлж-гIала. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло.

Меттигерчу бакъонашларъярхочо Саратова Хедас дийцарехь, и шиъ ду йиший-ваший. Бераш дехар ду ненайишица. Церан официалан верас йолу иза и шиъ схьадало дуьхьл яханера Москва.