Нохчийчуьра схьаваллачу Австрин вахархочо Бек Мартина (Анзор цIарца вевзаш а ву иза) дийцина Украинехь Окуева Амина муха йийра. Цу стага иштта тоьшаллаш до Осмаев Адамна а, Украинин Радан депутат хиллачу Мосийчук Игорна а тIелатар дар хьокъехь.
И дерриг а дуьйцуш видеоинтервью арахецна "Свободный" телеканало, хаам бо Аpostrophe.ua сайто.
Интервьюна кIеллахь яздинчуьнца а догIуш, "2008-чу шарахь дуьйна Beck Martin (Анзор) болх беш хилла Австрин лерринчу сервисашца цхьаьна. 10 сов шарахь Европехь а, Туркойчохь а, кхечу пачхьалкхашкахь а цхьацца тIелетарш дар а, нах байар хьокъехь дехарш схьаоьцуш хилла цо".