Туркойчоьно "Patriot" ракетийн системаш ехна Америке

"Patriot" ракетийн системаш

Амеркан Цхьанатоьхначу Штаташка дехар дина Туркойчоьно Шеман дозанца "Patriot" ракетийн системаш хIиттаяхьара аьлла. Уьш оьшуш ю Туркойчоьнна шайн эскархой а, бертахой а хIаваан тхарех ларбан, хаам бо "Амеркан аз" зорбан гIирсо.

Хьалхо бинчу хаамца, Асад Башаран эскарш Идлиб провинцехь тIамца тIедуьйладелла Туркойчоьно гIортор йон оппозицин ницкъаша Iуналла дечу гIаланашна а, эвланашна а.