Your browser doesn’t support HTML5
Артикл язйинарг "Кавказ.Реалиин" автор Абдуллаева Зайнаб
Хасав-юьртара Кардашов Алексей верах гIаттийна бехкзуламан гIуллакх прокуратуре юхадала реза ца хилла Нохчийчуьра Лакхара кхел.
2017-чу шеран Гезгмашин-беттан 14-чохь вайра 43 шо долу Кардашов. Видеокамераша дIаяздина, оцу дийнахь цуьнан машено Нохчийчоьнца лаьтта доза хадийна хилар. ХIетахь дуьйна цхьанна а гина вац иза.
Цуьнан машенна улло яьлла кхин цхьа машен хилла. Ткъа цуьнан долахо ву Гуьмсера полисхо, яздо "Медиазонас". Ткъа телефонашкахула динчу къамелийн яьккхинчу биллинго гойту, Кардашов къайлаваккхале хьалха цуьнга Соьлжа-гIаларчу таксхочо Омаров Сайд-Мохьмада телефон тоьхна хилар. Омаровс дийцина, Кардашовгара "Лирика" цIе йолу препарат оьцуш вара ша аьлла, ткъа вайначо лелош аптека хилла.
Юьхьанца дуьйна и гIуллакх толлучу Хасав-юьртарчу яртийн юкъарчу Дагестанан Талламан комитетан декъан белхахоша къастийра, Кардашов вовчу дийнахь мила ву ца хуучу цхьана стага цуьнан банкан карти тIера ахча схьаэцна хилар. Дерриг а дара 500 эзар сом гергга. Ахча схьаоьцучу стеган юьхь камеро гойтуш ю, амма хIетте а хIинца а къастанза ду, иза мила хилла.
"Черновикан" информацица, Омаровс талламчашка дIахаийтина, Кардашов ницкъаллийн структурашкарчу наха, къоман гвардин эскархоша – Абдурашидов Бекхана а, Дукаев Аслана а, ишта наркоконтролан белхахоша Азиев Калогис а, Юсупов Алихана а лачкъийна аьлла. ТIаьххьара цIе яьккхина шиъ лоьхуш ву.
Дукаевн телефонан яьккхинчу биллинго тIечIагIдина, Кардашов лачкъочу дийнахь иза Хасав-юьртахь хилар а, Абдурашидовца телефонехула цуьнан къамел тасадалар а. Делахь а, хьостано яздарца, стохка Чиллан-баттахь Омаровс мукIарло дира, Кардашов вен а вийна, цуьнан машен лачкъийра ша аьлла. Ишта бехк тIехь бисира Омаровна. ХIеттахь Дагестанера Нохчийчу талла дIакховдийра гIуллакх.
"Цул тIаьхьа йийца яьккхира талламчийн верси: билггал полисхоша лаьцна Кардашов бертаза "Лирика" оьцуш хилла бохучу Омаровн машенчу хаийра, амма тIаьхьо уьш дIахийцира. Наркоманина дуьхьал латточу къийсаман гурашкахь дина хIума дара иза бохуш. Ткъа тIаьхьа Омаровн Кардашовца конфликт иккхина хиллера, тIаккха таксхочо-наркомано фармацевт вен а вийна, цуьнан дакъа Терк хи чу кхоьсинера. Кардашовн дакъа хIинца схьакаронза ду",- яздо "Черновико".
Нохчийчуьрчу Гуьмса кIоштан кхелехь стохка ГIуран-баттахь листа долийра, Кардашов вийна аьлла, бехкевинчу Омаровн гIуллакх.
"Къизаллашна дуьхьалояран Комитетан" юристо, Янгулбаев Абубакара кхеле дехар дира прокуратуре Омаровн гIуллакх юхакхачаде бохуш. Кхелан хьалхарчу инстанцехь а, юха республикерчу Лакхарчу кхело а жоп ца делира дехарна.
Бехкзуламан гIуллакх прокуратуре юхадала дезаш ду, хIунда аьлча, хIинца а Кардашовн дакъа карийна цахиларна а, нагахь санна, иза веллехь а, иза валаран бахьана а къаьстина дацарна.
Дагестанерчу талламчашна Омаровс динчу мукIарлон шалхонаш хилар а билгалдоккху юристо. Цкъа иза верна бехке бу аьлла, цхьана нехан цIераш йоху цо дагестанхошна-талламчашна, ткъа нохчийн каракхаьчча, хуьйцу цо ша дина тоьшалла, бехк шена тIе а лоцуш.
"Дукаев Асланан а, Абдурашидовн а тоьшаллаш а ду бIостане. Кардашов лачкъорна шаьшиъ гунахь вац боху цу шиммо цкъа, тIаккха биллинго гучуваьккхича, иза шаьш лацар бен бакъ ца до цара. Ткъа бакъо йоцуш стаг лацарна дуьхьалъяьккхина артикл ю 4 шо гергга хан тоха бакъо луш. Кхузахь цхьана хIуманах кхеташ хила деза, стаг лачкъор – уггар а къиза артикл ю, суна гуш дерг цхьа ловзар ду, я полисхой бара аьлла, царна дан догIу таIзар малдар ду", - дийцина юристо.
Шайгахь хиллачу бакъонел а тIехваларна бехкевеш ву Дукаев а, Абдурашидов а. "Къизаллашна дуьхьалояран Комитетан" информацица, Гуьмсерчу кхело карарчу беттан 10-чохь цIера валар а доьхкуш, Мангал-беттан 10-чу дийне кхаччалц дIаяхйина цушиннан хан.