Интернетехь лайкаш хIиттийна аьлла, еттара

Your browser doesn’t support HTML5

Интернетехь лайкаш хIиттийна аьлла, еттара


Материалан автор Пейсахова Анна

Нохчийчуьрчу вахархочун Янгулбаев ИбрахIиман хьокъехь Европерчу адамийн бакъонийн кхеле латкъамбина "Къизаллашна дуьхьалолатточу Комитетан" юристаша. Интернетехь посташ хIитторна а, комментареш язъярна а Соьлжа-гIаларчу полисхойн декъехь шена тIехь ницкъбина аьлла, дIахьедира Янгулбаевс

Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан хиллачу суьдхочо Янгулбаев Сайдис бакъонашларъярхошка дийцина, 2017-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 22-чохь Соьлжа-гIаларчу полицин декъехь шен воIна ИбрахIимна йиттина аьлла. "ВКонтактерчу" социалан машанерчу "Wolves Creed" тобан декъашхой схьабийца бохуш, ницкъбина шена полисхоша аьлла, хаамбира ИбрахIима.

"Суна ца хаьа ас мел олу, пластикан биргIа еттара сан дегIах. Ишта куьйгаш а, когаш а эчигах дIа а тесна, ток йеттийтира суна оцу кабинет чохь. Масийттазза кхетамчуьра а велира со", - дийцина ИбрахIима.

Цул тIаьхьа полисхойн декъо лецнарш латточу хIусаме вигина хиллера ИбрахIим. Кхо де даьлча, Стигалкъекъа-беттан 25-чохь, Заводской кIоштан кхеле а валийна, 15 дей, буьйсий тоьхна, чохь витира иза, меттигерчу цхьана техникуме а вахана, хьехархошка маьттаза лийна аьлла, бехкевина.

ИбрахIим хан такха дIавуьгучу хенахь, хадархочо цIа вигинера иза, тIера бедарш хийцийта. Гергарчарна гира иза, цIех вуьзна а, дегIа тIехь таммагIашца а. "ВКонтактерчу" пабликехь нохчийн Iедалхойн структураша лелочу харцонех посташ а, лайкаш а, комментареш а йитина аьлла, тIехь ницкъбина шена аьллера дега а, нене а ИбрахIима.

Ишта дIахаийтинера цо, "Оьрсийн эскархой" аьллачу социалан тобанехьа "цабезам, мостагIалла гIаттийна" аьлла, шена дуьхьал 282-чу артиклехь бехкзуламан гIуллакх даккха гIерташ хиларх а.

Нохчийчохь хьалхара а, шолгIа а тIом боьдучу шерашкахь байинчу маьршачу оьрсийн а, нохчийн а бахархойн суьрташ машанехь даржийна аьлла, бехкала воьллина ша аьлла, дийцинера ИбрахIима.

Ишта цо далхорехь, административан таIзар текхначул тIаьхьа, полисхоша юха а дIалаьцна, кехаташ ца кечдеш, Соьлжа-гIаларчу чоьхьарчу гIуллакхийн декъехь латтийнера иза Мангал-беттан 23-чу дийне кхаччалц. Товбеца-беттан 5-чу дийнахь Нохчийчоьнан прокуратуре арз дира ИбрахIима. Цигара дIа Нохчийчуьрчу Талламан комитете кхечира цуьнан латкъам. Талламаш бечу хенахь кхоаззе а дуьхьало йира, цунна тIехь Iазапаш латтийначарна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдан.

Янгулбаевс шена йиттина аьлла, дина арз толлучу юкъанна хеттарш дира Соьлж-гIаларчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан полисхойн декъан куьйгалхочун гIовсе Дашаев Мохьмаде а, оццу урхаллан хьаькаме Висмурадов Абушайхе а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалхочун гIовсе Алаудинов Аптига а. Цара массара а бакъ дац элира, Янгулбаевна тIехь ницкъбар.

СИЗО-хь 1, 5 шарахь Янгулбаев латтийначул тIаьхьа, цунна дуьхьал айдина гIуллакх юкъахдаьккхира. Стохка Дечкен-баттахь изоляторчуьра араваьккхира иза.

2017-чу шеран ГIадужу-беттан 16-чохь талламхочо Мурадов Мохьмада юха а дуьхьало йира, ИбрахIимна тIехь Iазап латтийначарна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдан. "Къизаллашна дуьхьалояран Комитетан" юристаша юха а кхеле арз дира, хIетте а Соьлжа-гIаларчу Старопромыслан кIоштан кхел бакъонашларъярхошна тIе ца тайра.

Цул тIаьхьа Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхеле бевлира уьш, амма цара а ца листира гIуллакх.

"Нагахь санна, Европерчу адамийн бакъонийн кхеле оха арз чулуш делахь, оьрсийн ницкъаллийн а, кхелан а системаш кхачам боллуш къизаллаш лелийна хилар талла гунахь яц бохург хуьлу. Ледара гайтам бу иза", - аьлла ЕСПЧ-н кхеле кхачийначу латкъамах Къилбаседа-Кавказерчу "Комитетан" декъан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс. Цо бахарехь, шерашка дIадахдала там бу кхело и гIуллакх таллар.

Иза тешна ву, блогеран да лакхарчу даржехь хиларца а, цо а, цуьнан накъосташа а Iедалхошна критика ярца а цуьнан кIант тергоне эцна хиларх Iедалхоша.

"Нохчийчоьнан пачхьалкхан аппаратна а, Iедалехь болчарна а дискредитаци ечуьра иза сацийтархьама, тIебирзина уьш кIантана. Ницкъбина, бехкзуламан гIуллакх а даьккхина цунна дуьхьал, оьрсийн салташка цабезам кхуллуш, цим тийсина цо аьлла", - тIетуху Пискуновс.

Ша Янгулбаев Нохчийчуьра араваьлла. Тешаме дац цунна цигахь ваха.