Гацаев СаьIид. Iуьйре

Your browser doesn’t support HTML5

Гацаев СаьIид. Iуьйре

Гацаев СаьIид

Iуьйре

БIаьсте кхечи, – хезий хьуна? –
БIаьсте кхечи сийна схьа,
Зевне йоьлуш, – хезий хьуна?
Зазахь яьржаш кхаьчна схьа.
Зезаг доьлу сенчу бай тIехь,
Лестош хьоьга ховха куьг,
Хезий хьуна, сенчу бай тIехь.
Хьайга лестош ховха куьг?
Кхуро тоьлла эшарш лоькхуш,
Самукъадаьлла техка балл.
Хезий хьуна, эшарш лоькхуш,
Самукъадаьлла техка балл?
ХIаваъ, сийна бIаьргаш санна,
Бешахь хьоькху мерза хIо.
Хезий хьуна, хIаваъ сийна,
Бешахь мерза хьоькху хIо?
Iалам лепа зевне – сирла,
Дети санна, догу тхиш,
Хезий хьуна, Iалам сирла,
Дети санна, догу тхиш?
Мерза лазам бу сан кийрахь.
Матто юьйцу тоьлла йиш.
Хезий хьуна, лазам кийрахь
Матто юьйцу тайна йиш?