Кадыровна мегаш дерг, кхечунна дихкина ду?

Модан Firdaws ЦIийнан директор Кадырова Iайшат Парижехь

Материал язйинарг "Кавказ.Реалиин" автор Саидов Тимур

Нохчийн къоман Iадат лар ца дийраш массарна а хьалха дIа а хIиттош, цаьргара бехкаш доху Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Бакъду, дац ламасташ лардар я цунах а, я цуьнан цIийнах а хьакхалуш.

Нохчийн урхалхочун йоккхахйолчу йоIа Iайшата Парижехь йовзийтина ша юкъаяьккхина бусулбачу зударшна леринчу духаран коллекци. "Безаман истори" цIе тиллинера модан гайтамна, шен ден а, ненан а юкъаметтигех йоккхаерца коьрте еанера шена ишта идей аьллера Iайшата.

"Суна сайна гира дас сан нанна эдельвейсийн курс кховдош. Лаьмнашкахь кхо де даьккхинера цо и зезагаш лоьхуш. Суна дагадеара модан маттахь оцу исторех лаьцна дийца, бакъду, сайн лаам кхочушбан масийтта шераш ийшира суна, говзанчашна уникале техникаш а Iамош", - аьлла Кадырова Iайшата.

Парижера модан гайтам

Мода гойтучу барамехь иттаннашкахь бара Соьлжа-гIаларчу нохчийн симфонин оркестран музыкхой. Цара дIаэлира нохчийн мукъамаш. Францехь а, Бельгехь а бехаш болу дуккха а нохчий бара оцу суьйрене гулбелла.

Санкцеш тоьхна хиларна висира Кадыров Рамзан Европе кхача йиш йоцуш, делахь а, Парижехь хиллачух воккхаверца яздина цо "ВКонтактерчу" шен гIонехь: " Le Marois отелехь тоьллачу модан боккха синкъерам гайтина. Firdaws ЦIийнан куьйгалхочо Кадырова Iайшата гайтинчу керлачу коллекцино бендоцуш ца витина цхьа а модан гонашкара эстет а, исбаьхьчу духарийн говзанча а".

2007-чу шарахь, ша мехкан куьйгалхо дIахIоттийначул тIаьхьа дIахьедира Кадыровс, ша дайн ламастийн гIаролхо ву аьлла. Европерчу нохчашка вистхуьлуш чIагIдора цо, "вайн массеран а цхьа Iалашо ю – нохчийн къоман бартбар, орамаш лардар: мотт, Iадаташ, дин…" бохуш.

Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашъян векал вина Нухажиев Нурди а тешна ву, нохчийн лидер "Iадаташ лардархо" ву аьлла.

Делахь а, Европерчу нохчийн диаспоран векална, историкна, филологна Сулейманов Джамбулатна хетарехь, Кадыровс а, цуьнан доьзалхойн а лелар "нохчийн а, кавказхойн а ламасташца нисдина дац".

"Нохчийн гIиллакхаш дохо Iалашонца дIахIоттийна режим ю и", - элира цо "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь. Сулейманов тешна ву, "Нохчийчохь дуккха а хIума нохчийн Iадаташца бIостане догIуш ду" аьлла. Парижехь мода гайтар-м кIезиг хIума дара боху цо, нохчийн Iадаташна дечу зенашка хьаьжча.

Нохчийчохь юкъара ламасташ, гIиллакхаш дохийна меттиг хилахь, шога таIзар деш Iедал ду, меттигерчу телевизионе а валавой, юьхь тIехь мел дерг охьадоккхуш, уьш сийсазбеш, цаьрга гечдар доьхуьйтуш.

Карладоккху, маре йоьдучу шен йоIаца сурт даккхийтинчу дега махкахой къинтIера бахийтира; шен ловзаргахь ша далийначу нускална марзолг кхаллийна Хаважи а юьхьIаьржа хIоттийра, шегара даьллачунна мукIарло а дойтуш.

Ловзаргахь "сонталла" гайтина аьлла, бехк баьккхира Нохчийчохь вехачу гIебарточуьнгара. Цуьнан бехк хиллера, кхо шо хьалха, кхин а жима волчу хенахь, маре йоьдучу шен йишица къаьстачу заманчохь бIаьргех хи даларна.