Бер доьхкина а, эцна а ши зуда кхеле хIоттор ю

Меттигерчу а, луларчу ГIалгIайчуьрчу а шина зудчунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даьккхина Нохчийчохь. И шиъ бехкейо дуьненчу даьлла бер дохка-эца гIортарна. Талламчийн версица, Нохчийчуьрчу зудчунна бер духкуш хилла ГIалгIайчуьра яхархо.

Стохка Дечкен-баттахь Махачкалара Нохчийчу еана хилла жима зуда, дукха хан йоццуш ша дуьненчу ваьккхинчу кIантаца. 650 эзар соьмах бер а, иза дуьненчу даларан тоьшалла а доьхкина хилла зудчо.

Оперативан барамаш дIабаьхьначул тIаьхьа полисхой тIекхиъна, билггал кIант воьхкина хиларна. ГIуллакх кхи дIа листа кхеле дIакхачийна.