Железноводскан кхело колонехь даккха цхьа шой, исс буттий хан кхайкхийна полицехь болх бинчу Кациев Хьасанна, яздо "Медиазона" хьостано, цуьнан адвокатна Зубенко Виталийна тIе а тевжаш.
Магасехь митинг йоьдучу хенахь Росгвардин эскархошна тIелетта аьлла, бехкала воьллина Кациев. Къайлаваьккхинчу шина стеган тоьшаллаш тIехь кхеле хIоттийна ву иза, адвокато дийцарехь.
Материалашна юкъахь видео ю, амма цу тIехь гуш дац Кациев ницкъахойх тийсалуш, боху Зубенкос.
Чохь яьккхина хан а лерича, Кациев араваккха декхаре бу карарчу баттахь. Митингаш тIехула кхеле хIиттийначех 22-гIа ву Кациев.
Дагадоуьйту, Кациев Хьасан – ГIалгIайчуьрчу ницкъаллийн структурашкахь болх бина ву. 2014-чу шарахь коьртах чевнаш хилера цуннна, шен коллегаша тIехь ницкъ а бина. Минеральные Воды гIалин аэропортехь кеманчуьра охьаваьккхинера иза, Москва дарбадан воьдучу заманчохь.
Карладоккху, стохка Заздоккху-баттахь Магасехь митинг хIоттийра, Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара дозанаш хийцарна дуьхьалбевллачу гIалгIаша. Цара тIедожийра, хIетахь куьйгаллехь хиллачу Евкуров Юнус-Бекна дарж охьадиллар. ШолгIачу дийне яьллачу акцехь тасадалрш хилира протестхошна а, полисхошна а юкъахь.