Facebook-ан компанино дихкина шен агIонашкахь коронавирус бахьанехь пайдабан

Медицинан туьтмIаьжгашна реклама яр дихкина Фейсбуко. Коронавирусан эпидеми яьржинчу юкъанна оцу продукцина тIехь пайдабангIертар сацон Iалашонца доьзна шайн дехкар компанино.

"Оха йоьхкуш ю реклама а, юхкучу медицинан туьтмIаьжгех тептарш зорбане даха а. Оха леринчу тергонехь латтош ю коронавирус, тхайн низамашкахь хийцамаш бийр бу, нагахь санна, чолхечу хьолах пайда а оьцуш, шайна са яккха нах гIератахь", - аьлла, яздина Фейсбукан компанино.

ТIаьххьарчу хаамашца, доллу дуьненахь вирус кхеттарг ву 102 эзар стаг. 3, 4 эзар велла лоруш ву. 57 эзар сов ву дарбахилларг. 87 пачхьалкхехь гучуяьлла коронавирус. Къаьсттина алсам бу цомгуш нах Китайхь а, Къилба Корейхь а, Италехь а.