Нохчийн латархочунна йиттина ГIебарта-Балкхаройчуьрчу (+видео) фанаташа

Черкесскехь дIахьочу спортан латаршкахь хиллачу ГIебарта-Балкхаройчуьра фанаташ летта октагонехь. «Регион online» гIирсо яздарца, ММА-н латархо, ГIебарта-Балкхаройчуьра Гугов Алим хилла цу барамехь дакъалоцуш. Нохчийчуьра цуьнан оппонент Алибеков Джаддал тоьлла хилар дIакхайкхош, дирзира тасадаларш, лоьрийн дехарца. Оцу тIехула меттахбаьхнера ГIебарта-Балкхаройчуьра баьхкина фанаташ.

"Совнах дерш арадовла октагончуьра", - бохуш, микрофон чу мохь беттара суьдхочо, дарбеллачу фанаташа Гуговн оппонентна еттачу заманчохь.

ФСБ-н белхахой а, полисхой а схьакхаьчначул тIаьхьа бен аьтто ца белира летарш дIасабаха. Суьдхочунна алсам йиттина оцу инцидентехь. Къепе йохийначарна протоколаш хIиттийна.