15 шо набахтехь даьккхинчул тIаьхьа мукъаваьккхина президентан Масхадовн накъост хилла Мурдашев ВахIид

Мурдашев ВахIид, 1999 шо

Чувоьллина 15 шо даьккхинчул тIаьхьа цIавирзина Нохчийчоьнан президентан Масхадов Асланан накъост хилла Мурдашев ВахIид.

Девлетгирин-Эвлахь 2005-чу шарахь Зазадоккху-беттан 8-хь Масхадов вийначу дийнахь Оьрсийчуьрчу лерринчу тIеман тобано йийсаре лаьцнера Масхадовн йишин кIант Хаджимурадов Висхан а, Ичкерин президентан белхан накъост Мурдашев ВахIид а. Масхадов вуьйчу дийнахь оццу бункерехь вара и шиъ.

2005-чу шарахь ГIуран-баттахь Мурдашевна 15 шо, Хаджимурадовна 7 шо хенаш туьйхира кхело колонехь яккха. Дуккха а шерашкахь Мурдашев волу меттиг хоуьйтуш яцара гергарчарна.