Керла iPhone гайтар тIаьхьатеттина Apple компанино 

Apple презентаци

Керла iPhone гайтар тIаьхьатеттина Apple компанино. Цуьнан бахьана ду цу компанин штаб-хIусам коронавирусан ун даьржаш хиларна Оханан-беттан 1-чу дийне кхаччалц дуккаха адамаш дакъалоцу мероприятеш дIаяхьар дихкинчу Калифорни штатерчу Санта-Клара гонехь хилар.

И мероприяти хила езаш яра Зазадоккху-бутт чекхболуш. Болчу хаамца, компанино гайта езаш яра шен керла iPad Pro а, iPhone 9 а, кхин йолу а дивайсаш.

Цхьаболчу хаамашца, Apple-о церан презентаци дIаяхьа мега хьалха дагалаьцначу дийнахь, амма онлайн-рожехь.