Соьман мах охьабаьлла юха а

Сом юха а дайделла еарин дийнахь. Москвахь валютан биржехь махбеш 5 процентана дайделла иза.

Долларан курс хьалаяьллера 75 соьмал а. 2016-чу шарахь дуьйна дуьххьара хилла иза.