Дагестан: СаIудийн Iаьрбийчу лела кема сацийна коронавирус бахьанехь

Кху беттан 21-чу дийнахь ХIинжа-ГIалара Джидде ХIаьжцIа боьлху нах эцна даха дезачу кеман рейс юкъахъяьккхина, хаамбо «Дагестанан къона чкъор» («Молодежь Дагестана») газето.

Рейс сацийна коронавирус яржарна болчу кхерамца доьзна.

"Пассажирийн бакъо ю шайн ахча юхаэца я тIаьхьо ХьаьжцIа баха», - аьлла "Марва-тур" компанин инарла директора Курбанов Булата.

"Цкъачунна ХьажцIа лелар доьхку аьлла дац цхьаммо а», - боху Курбановс.

ХIинца Дагестанера Джидде лелачу кеман юкъахъяьккхина рейс шолгIаниг ю, иштта бухасацийра кхин цхьа рейс кIира хьалха.