«Кока-Кола» эзарнаш шишанашкахь дIакхийсина БуьрийтIерачу совдегаро

кока-кола

Къилбаседа ХIирийчохь Пригородан кIоштарчу Ногир юьрта уллехь массийтта эзар ши литр «Кока-Кола» чохь долу шишанаш дIакхийсина цхьана совдегаро. Юьхьанца уьш эрна ара кхийсина аьлла хезна, талламе бевлира мехкан Iаламан министраллин белхахой.

"Тхан накъосташна доларчу цхьана кертахь карийна «Кока-Колин» баьрзнаш. Мерзачу хинна латтон магийна хан чекхъялар хилла дIакхоссаран бахьана. IаламIалашдаран низамо магочу кепехь хIаллакдан дезаш дара мерза хи. Шишанаш хих мукъа а дахий, пластик юхакечъечу метте дIакхачае боху низамо», - дийцира "Кавказ.Реалиига" Iаламан министраллерчу пресс-векалтехь.

ГIуда тоьхна, утилизаци а ца еш, ширделла «Кола» дIакхоьссинчу совдегарна.