Прокуроран гIовс лаьттинарг кхеле озийна Дагестанехь

Дагестанерчу Кизил-Юьртан а, гонахарчу а кIоштийн юкъарчу прокуратурехь куьйгалхочун гIовс Iийна Шахбанов Iабдулла кхеле велла, шена даржо еллачу бакъонел совваларна.

Талламо дийцарехь, 2018-чу шарахь Шахбановн машена чуьра 15 эзар доллар дайна хилла. Къола дарна бехкевина цо шен коллега, прокуроран шолгIа гIовс, ша хьалхо шен машен цуьнга елла хиларна.

Iедале шена къоладар дIа а ца хоуьйтуш, ша къасто сацам бина цо хилларг - таллам беш, ша-шеггара коллега полиграфах чекхваьккхина шозза.

"Полиграфо гайтина жамI юьхьар а эцна, шен коллега а, цуьнан гергарнаш а декхаребина Шахбановс ахча охьадилла. Ца диллахь, кхерам тесна иза нахалваккха а, балха тIехь жоьпе озо а», - боху Дагестанан Талламан комитетан урхалло.

Талламчаша чIагIдарехь, шена тешийначу даржо лучу бакъонел совваьлла Шахбанов, сийсазйина цо прокуратура, байина нехан прорукатуре болу тешам.